Б1аьсте

Б1аьсте

@Dj Ronin0695

[✓Genre: Lyrical Ballad, Ethnic Fusion, Caucasian Folk Tempo: 65 BPM, slow, measured Instruments: Acoustic guitar (nylon), soft duduk or piano pad✓] [✓Vocals: Mature male voice, strong chest voice, deep timbre, manly, no falsetto, no vibrato, sincere, stoic✓] [✓Delivery: Clear diction, Chechen language pronunciation, no accent, no pop-style sweetness, no vanilla✓] [✓Mood: Proud, melancholic, dignified, heartfelt✓]

53 17.03.2026
0:00
04:03

Текст песни

[INТRО.] Дезачу б1аьстенан а, дайн-нанойн лерина [Vеrsе 1] Соьга ладогӀалахь, ХӀай хаза бӀаьсте! Ма хаза йеъа хьо, Дог ахьа хаьсти! Ткъа соьга-м Къасталац Хьан башха Ахьа а ладогӀа, Зезагийн аре, Ца кхоъош Тесна ахь Исбаьхьа дари! Тохара санна хьан Зезагаш лепац, ГӀа-беца йуккъера Цаьпцалгаш Йекац! [Сhоrus] Шуна со хезий Техьа, Куц хаза лаьмнаш? Мархашлахь Баххьаш ду, Ха деш йу бӀаьвнаш. Беснаш, БӀаьстенан Хьозарчийн Зевне йац эшараш. [Vеrsе 2] Дегнаш аша Даккхийдеш, Дай-наной Баьхна, Со хӀинца-м Ойланаша генна ДӀаваьхьна... Аша а ладогӀа, ГӀа луьста Хьаннаш, Маршалла хоьтту аша, Лестадеш гаьннаш... [Сhоrus] Шуна со хезий Техьа, Куц хаза лаьмнаш? Мархашлахь Баххьаш ду, Ха деш йу бӀаьвнаш. Беснаш, БӀаьстенан Хьозарчийн Зевне йац эшараш. [Vеrsе 3] Къоркхокхий декарца Хьаьмцаш бу Хьекъаш, Бераллехь санна, Ма тайна бац Чемаш... Сан хьоьца къамел ду, Шал-шийла Шовда, Зарзарийн Эшаршца Ийна хьан гӀовгӀа... Хийла ахьа Дог Ӏабош, Дай-наной баьхна... Аса хьоьга ЛадоьгӀу, Ойла дӀайаьхьна!.. [Вridgе] ХӀай сийна Стигланаш, ХӀай Ӏаьржа Латта! Нийсаройх Каьстина Ваха дац атта! Со шерийн Кочаро ГӀелвина вогӀу, [Оutrо] АлхьамдулиллахӀ!" — Деле аса боху! Йа АллахӀ Тхан Дела, Хастам бу хьуна, Йахь йолуш Дай-Наной Баларна тхуна. ЙуьхькӀайчохь Ду-кха тхо Уьш хьехабарца. Фирдовсан Ялсаманехь Нисъде ахь цаьрца!

Комментарии (0)

Войдите, чтобы комментировать

Войти